Керланаш

РогӀера цхьаьнатоьхна семинар

ДӀадаханчу цхьаьнакхетарехь шайна тӀе тидам бохуьйтуш докладаш йира семинаран декъахоша.

Хьалха доклад йеш пайде семиотикин отделан хьалхара Ӏилманан белхало волу Асхабов Хаважи вара. Цуьнан доклад отделан белхалоша кечйиначу дешнийн гуларан анализах йара. Хаважис и анализ кхочушйан йина программаш гайтира. Хьалхара программо документа чохь йух-йуха далийна долу дешнаш схьа а къестош, уьш масазза далийна ду дагар а деш, и хаамаш кхечу документа чохь билгалбоху.

И болх чекхбаьккхинчул тӀаьхьа кхидӀа дешнийн гулар йузуш программа а гайтира Асхабов Хаважис. Цо, тайп-тайпана хьостанашкара тексташкахь дан а долуш, гулар йуккъехь доцу дешнаш схьа а лохуш, уьш цхьана документа чохь гулдо.

Цул сов, оцу программо шатайпа анлиз а йо текстан. Нохчийн цӀердешнашна йина анализан жамӀаш довзийтира Хаважис. Масала, цо гулар йуккъера цӀердешнийн дохалла теллинера – 1 тӀера 30 тӀе кхаччалц. Оцу талламо гайтира нохчийн дукхахдолу цӀердешнаш (кепаш а лоруш) 8 элпах лаьтташ хилар. И йохалла йолу цӀердош гулар йуккъехь 15000 карийра.

Иштта цӀердешан уггар йеха кеп хӀокху тайпана йерг хилар гайтира программо: «мехкашдӀалецархочуьнгахьахула» – цу йукъахь 29 элп ду.

Асхабовс кхидӀа бан беза болх – иза дешнийн гулар нохчийн орфографин керлачу бакъонашка хьаьжжина нисйеш йолу программа йар ду.

Меттан а, литературин а отделан белхалочо Абдулкадыров Адама ша йеш йолу нохчийн меттан тезаурусан хьокъехь доклад йира. Цо тезаурусийн тайпанех лаьцна дийцира, иштта – царех пайдаэцаран башхаллех а. Адама дийцарехь, иза меттан юкъара тезаурус йеш къахьоьгуш ву.

С.М. Умархаджиевс хӀора а докладан хьокъехь шена хетарг а олуш, баркалла аларца йерзийра семинар.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *