2-чу нойабрехь пайде семиотикин отделан, меттан а, литературин а отделан цхьаьнатоьхна семинар дӀайаьхьира. Доклад йеш пайде семиотикин отделан лакхара Ӏилманан белхахо Асхабов Хаважий, меттан а, литературин а отделан лахара Ӏилманан белхахо Абдулкадыров Адаммий вара. Церан доклад нохчийн меттан тезаурус йаран, цунах информацин технологийн декъехь пайдаэца гӀирсаш кхолларан хьокъехь йара. Абдулкадыров Адам нохчийн меттан тезаурусна тӀехь болх беш ву, ткъа Асхабов Хаважи цунна хьаьркийн чкъуьйриг (цифровая оболочка) кхуллуш ву. Чкъуьйриган хила йеза цхьацца бешхаллаш билгалйаьхнера Абдулкадыровс.
Семинарехь гайтира Адаман лехамашка хьаьжжина Хаважис йина йолу программа. Иза цкъачунна, коьртачу декъана, Адама тезаурусна тӀехь бен болх цунна мелла а аттачу баккха Ӏалашонца йина йу, амма кхидӀа цу тӀехь бен болу болх и программа нохчийн маттахь тексташца болх бечарна пайдехь хилийтарна тӀехьажийна бу.