Без рубрики

Word программи чохь нохчийн мотт хилийта

Отделехь болийначу белхех юьхьанца дуьйна коьртачех лоруш дӀахьуш бу нохчийн маттахь йолу текстан нийсаяздар толлу программа ярехьа беш болу талламаш, практикин белхаш. Цу хьокъехь отдел йилличхьана массо агӀора тайп-тайпана белхаш бина белхахоша: офрографин цхьадолу хаттарш къасторна тӀера грамматикин башхаллийн алгоритмаш хӀитторна тӀе кхаччалц.

ХӀинца, отделан куьйгалхочо Умархаджиев Салаудис билгал ма-даккхара, отдел кийча ю нохчийн мотт нийсаяздар толлу муьлхха а системи чу баккха. Амма дуьнен чохь уггар шуьйра лелош йолу Windows системин Word программи чохь и хилийта, беккъа Академехь бечу балхах кхачам ца хуьлу, и гӀуллакх, тӀе а лаьцна, дӀадахьа деза Microsoft корпорацис. Microsoft компанига и гӀуллакх доладахьара аьлла, дехар дитина отделан белхахоша церан цу гӀуллакхна леринчу форум тӀехь. Корпорацин белхахойн цу тӀе тидам бахийта, отдело оцу форумехь йитинчу постана кхаьжнаш тийсина хила дезаш ду. ХӀинца цхьа бутт герга хан ю и кхаж тасар дӀахьуш долу. Билгалдаккха деза, вайн хаам цкъачунна оцу декъехь иштта битинчу хаамашна юккъехь хьалхарчу меттехь лаьтташ бу кхаьжнийн дуккхаллица а, и кхаьжнаш совдволаран сихаллица а.

Кхаж тосу агӀон тӀе кхача хӀокху веб-хьажоргаца дехьавала веза:

https://word.uservoice.com/forums/304924-word-for-windows-desktop-application/suggestions/32108578-chechen-spelling-dictionary

 

4 комментария

  • JohnDease

    Был ли добавлен словарь в Word? Будет ли опубликован спелчекер-файл, который можно будет самостоятельно подключать в текстовые редакторы (Notepad++ и т.п.)?

    • admin

      Доброго дня. Спасибо за ваше обращение! Мы работаем над этим в данный момент. Если у вас есть какие-либо другие вопросы, просто дайте нам знать, и мы будем рады помочь.

  • JohnDease

    В обработанной версии Русско-чеченского словаря (Карасаев А.Т., Мациев А.Г., 1978) – слово “ДЕКА” воспроизведено без ударения, а также вместо “МУЗ” напечатано “МУЖ”.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *