Керланаш

Нохчийн мотт редакторш чу билларехьа белхаш

Декабран 13-чохь отделехь Ӏилманан семинаран рогӀера цхьаьнакхетар дӀадаьхьира. Биначу балхах докладаш еш Ӏилманан хьалхара белхахо Асхабов Хаважий, Ӏилманан белхахо Бекаев Мовсаррий вара.

Мовсара нохчийн мотт Word программи чу баккхаран белхан хьолах дийцира. Бутт хьалха Microsoft компанин сайта тӀера форумехь цу хьокъехь хаам битинера Академин белхахоша (https://word.uservoice.com/forums/304924-word-for-windows-desktop-application/suggestions/32108578-chechen-spelling-dictionary?page=1&per_page=20). Оцу хаамна кхаж тасар жигара дӀадоьдуш а ду, къаьсттина тӀаьхьарчу деношкахь. Мовсара дийцира, ша Microsoft корпорацин белхахошца зӀене вийлина хилар: цкъа хьалха Москвара филиалера, цул тӀаьхьа Америкера офисера а. Цо дийцарехь, цу гӀуллакхна тӀеӀаткъам бан йиш йолуш коьрта офисера кхоллархой (разработчики) бен бац. Цигара векалша Мовсаре хаийтина, шайна и хаам гина хилар а, шаьш и тидаме эцна хилар а. Амма кхин кхачаме жоьпаш ца делла цара. Цкъачунна цу хьокъехь хьежар бен кхин хӀума дац отдело дан йиш йолуш.

Асхабов Хаважис нохчийн мотт Linux системин текстан редактор чу баккхаран хьокъехь бечу балхах дийцира. Карарчу хенахь белхахоша оцу редакторан структура а, технологи а талла а теллина, отделера компьютерш чу баьккхина бу вайн мотт, царна тӀехь аьто хуьлу нохчийн меттан нийсаяздар талла. Ткъа хӀинца хьалха лаьтта декхар – нохчийн меттан нийсаяздар толлу программа массарна а  тӀекхочехь хилийта, иза LibreOffice керла дистрибьютива юкъа бахийтар. Цу агӀор ша биначу талламех дийцира Хаважис.

 

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *