Без рубрики

Нохчийн Ӏилманехь кхин цхьа ирхе!

Умархаджиев Салаудин Мусаевич даггара декъалво докторан диссертаци чӀагӀъярца.

Апрель беттан 26 дийнахь Федерале Къилбен университетехь  Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин пайде семиотикин декъан куьйгалхочун Умархаджиев Салаудин физикин-математикин Ӏилманийн докторан диссертаци чӀагӀъяр дӀадаьхьира. Диссертацин тема: Исследование операторов гармонического анализа в некоторых нестандартных пространствах функций (Фукнцийн цхьайолу кепе йоцу шортенашкахь гармоникин анализан операторш таллар).

Салауди! Пайде семиотикин декъан белхахоша даггара декъалво хьо диссертаци кхиамца чӀагӀъярца! Иза хьан дахарехь хилла ца Ӏаш, доллу нохчийн къоман Ӏилманан дахарехь боккха кхиам бу. Вай тешна ду кхидӀа а, вайн маттана а, Ӏилманна а Ӏаламат пайдехь болу Ӏилма кхиорехь а, даржорехь а ахь бечу балха тӀехь кхин а дуккха а ирхенаш хирг хилах.

Дала тӀаьхье беркате йойла! Дала аьтто бойла!

НРӀА пайде семиотикин декъан белхахой.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *