• Керланаш

    Кхаари-дийнахь дӀайаьхьначу рогӏерчу семинарехь омографийн маьӏна къасто йина алгоритмаш йийцаре йира

    Церан буха тӏехь кечйинчу программин белхан жамӏаш довзийтира Астамиров Арсламбека. Хехаев Салахьа кхидӏа церан белхан нийсаллин маххадоран тайп-тайпана некъех дийцира. Цу гӏуллакхна лерина йиъ формула йовзийитра цуо. Царах тайп-тайпанчу декъашкахь пайдаоьцу. Маххадорехь кӏоргалла ца оьшучохь лелош йолу Accuracy метод компьютерийн лингвистикехь лелийча, талламийн тӏегӏа лахара хилар дийцира. Recall метод медицинехь а, иштта позитиван жоьпаш тӏе коьрта тидам бахийта безачу кхечу декъашкахь а лелайо. Ткъа негативан жоьпийн нийсалла коьрта йолчохь Precision лелайо. Цу шинна а методах пайда а оьцуш, хӀоттийна йу F-1 формула. И доллу некъаш дийцаре дича, отделехь карарчу ханна дӏахьучу балхана мелла а пайдехь берг тӏаьххьара некъ лерира. Кхидӏа белхахоша омонимийн маьӏна къасто йечу программийн белхан нийсаллин маххадош, F-1…

  • Керланаш

    Нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а

    Нохчийн Республикин дешаран а, Iилмнан а министро Байсултанов Идриса Нохчийн Республикин Iилманийн академин белхалошна Султанов З.А.,Абдулкадыров Адамна а Бадаева Iайшатна а «Нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а» орденца совгIат дина. Академин Президиуман цIарах даггара декъал до шу, Дала Iилмана тIаьхь баккхий кхиамаш хуьлда шун, Дала тIаьхье беркате йойла! Нохчийн Республикин Iилманийн президент Гапуров Ш.А.    

  • Керланаш

    Нохчийн меттан омографаш нийса йеша Ӏамор ду компьютерна

    Тахана отделехь рогӀера семинар дӀайаьхьира. Цигахь бийцаре бира нохчийн маттахь долчу къамелан синтез йен программа тойарехь бен болх. Карарчу хенахь цу декъера коьрта хаттарш йозанехь цхьатерра а долуш, аларехь тайп-тайпана долчу дешнашца доьзна ду (омографашца). Компьютерна уьш вовшах къасто а, нийса дӀадеша а Ӏамор йу хӀинца бечу белхан Ӏалашо. Омографаш вовшахтухуш, белхахоша пайдаоьцу карарчу шарахь арайаьллчу Нохчийн меттан нийсайаздаран йоккхачу дошаман материалах. Цунах оьшшучу кепара база нисйеш Ӏилманан белхахо Султанов Зелим ву. Цу бази йукъара омографаш схьагулйаран алгоритман декъехь кхолладелла хаттарш довзийтира Астемиров Арсламбека. Иштта, карийна омографаш текстан бази йуккъехь схьалохуш, церан контекст билгалйоккхуш программа кхуллуш йу Ясаева Мадина. Цуо шен балха тӀехь хаайелла башхаллаш йовзийтича, цунна тӀе а тевжина…

  • Керланаш

    Нохчийн меттан нийсайаздаран йоккха дошам арайаьккхина

    Нохчийн меттан денна доллу къомана совгӀат дина Нохчийн меттан нийсайахдаран дошам тӀехь къахьоьгучу белхан тобано. Карарчу шеран апрель баттахь оцу Дошаман 10 том арайаьлла. Иза 2020 шеран апрель беттан 29 дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана №83 йолчу Указца тӀечӀагӀйинчу «Нохчийн меттан коьрта бакъонашца» хӀоттийна йу. Дошам нохчийн мотт Iамочарна, оцу маттаца болх бечарна лерина йу. Нохчийн литературин маттахь лелаш долу дешнаш а, дешнийн кепаш а йалийна цу тIехь. «Хьалхарчу дашехь» бовзийтина Дошаман дIахIоттам а, карлайаьхна нохчийн меттан орфографин цхьайолу бакъонаш а. Нохчийн меттан орфографин йоккха дошам хӀоттош, къахьийгира Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин а, Нохчийн меттан институтан а, ВУЗ-ийн а белхахоша. Царна йукъахь бара Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин пайде…

  • Керланаш

    Хьомсара доттагIий! ХIокху рубрикехь оха шуна бовзуьйту вайн махко дозалла дан хьакъболу нах. Царах цхьаъ ву физикин-математикин Iилманийн доктор Умархаджиев Мусан Салавди.

    Вайна ма-хаъара, уггар хала а, коьрта а лоруш Iилма ду математика. «Массо а Iилманийн эла ю математика», – аьлла цунах хьекъалчаша. Жимчохь дуьйна математикица уьйр ерг тидам болуш, хIуманан хьесап дан хууш, муьлххачу а хIуманна тIаьхьакхиа хьекъал, ойла а ира йолуш кхуьу. Математико кхечу Iилманашна а тIекхиаво. ЦIеяхханчу  илманчо М.Ломоносовс аьлла:  Математика Iамо хьакъ ю, цо хьан ойла низамехь а латтош, нийса хьесап дойту дела». Салавдис жимчохь дуьйна вара математикица гергарло долуш. Цуьнан да Умархаджиев Муса экономист вара. Церан цIахь яра дагарден машен Арифмометр. ХIинцалера калькулятор ю иза. Салавдис, хазахеташ, тидам бора, дас цу тIехь дагардеш а, терахьашца хьесапаш деш а. Дех арифмометр мукъаяьлча, жимачу Салавдис «болх» бора цу тIехь. Иштта тасаделира цуьнан терахьашца гергарло. Шеко а йоцуш,…

  • Керланаш

    Перевод на вайнахский.

    В Чечне занялись локализацией приложений и компьютерных программ В Грозном группа ученых решила локализовать компьютерные программы и мобильные приложения. Локализация в общем смысле предполагает языковую и культурную адаптацию цифровых продуктов исходя из национальных особенностей отдельных регионов. В России программы, приложения, видеоигры чаще всего выпускаются на русском и английском языках. Работа северокавказских ученых позволит перевести их на чеченский. Примечательно, что проект, который предполагал на старте главным образом проверку правописания набранных на чеченском языке текстов, в итоге подстегнул развитие национальной грамматики в целом. Работой занимаются в отделе семиотики Академии наук Чеченской Республики. Как рассказал корреспонденту “РГ” заведующий отделом, доктор физико-математических наук Салаудин Умархаджиев, к ней приступили в 2014 году. – Сейчас повсеместно…

  • Керланаш

    Семиотикин декъан белхахоша рогӀера семинар дӀайахьаира

    13.01.2021ш. пайде семиотикин декъан белхахоша рогӀера семинар дӀайахьаира. Карарчу хенахь кхолладеллачу хьолехь тӀаьххьара цхьаьнакетарш тайп-тайпана зӀенийн гӀирсех пайда а оьцуш дӀахьош ду. Иштта Zoom платформин гӀоьнца хилира таханлера кхеташо а. Цхьаьнакхетарехь дийцаре динарш, коьртачу декъана, тӀедогӀучу шеран декхарш дара. Декъан куьйгалхочо Умархаджиев Салавдис дийцира дӀадаханчу шарахь кхоьллина йолу нохчийн меттан синтезан система кхидӀа кхиош, цуьнан белхан тӀегӀа лакхадоккхуш, бан безачу балхах, цу декъахь тӀеоьшуш болчу талламех. Султанов Зелима билгалдаьккхира оцу системин база тӀейузуш хилар, цу чохь йолу материалаш дикка совйаьхначул тӀаьхьа оцу программин болх кхин а толург хилар. Синтез йеш пайдаоьцу цхьайолу модульш тӀе ца кхиийча, оцу системин болх лакхарчу тӀегӀан тӀехь хирг хиларх шеконаш хилар хаийтира Бадаева Ӏайшата. Оцу декъехь йолу…

  • Керланаш

    TerahYoza

    Пайде семиоткин декъан белхахоша рогӀера программа йина.  TerahYoza программо цифрашца дӀайаздина терахь элпийн йозане доккху, нохчийн меттан нийсайаздаран бакъонаш а ларйеш. Цул сов, цо къастадо, терахьдош рогӀаллин ду йа масаллин. Цуьнга хьаьжжана хуьлу цо кхуллу йоза а. Амма, билгалдаккха деза, и функци хӀинца а кхоччуш хилийта оьшу талламаш хӀинца а бина бац, цундела оцу декъехь гӀалат дан тарлуш ду программо. TerahYoza Программа Pithon маттахь йазйина йу. Иза “РОСПАТЕНТ” Интеллектан долаллин федеральни агентствехь регистраци йина йу.

  • Керланаш

    Шала системийн чкъуран дуларан математикин модель

    2020 шеран октябран 13-чу дийнахь НР ӀА Матаериалаш талларан туьшан а, РӀА КӀТИ физикин-математикин талламийн декъан а цхьаьнатоьхна Ӏилманан семинаран кхеташо дӀайаьхьира. Умархджиев Салавдис “Шала системийн чкъуран дуларан математикин модель” цӀе йолу шен болх бовзийтира. И болх бийцаре беш, жигара къамел хилира гулбеллачеран. Дадашев Райкома лаккхара мах хадийра Ӏилманчас биначу талламийн.

  • Керланаш

    Проекто грант йаьккхина

    Нохчийн Республикин Ӏилманийн Академехь а,  М. Д. Миллионщиковн цӀарах мехкадаьттан университетехь а нохчийн меттан синтезан система кхолларехь болх бу дӀахьош. Оцу декъахь йолу проекто грант йаьккхина. Проектан куьйгалхо НР ӀА лакхара Ӏилманан белхахо, Мехкадаьттан университетан лакхара хьехархо Израилова Элиса йу.  Ӏилманан гонашкахь йуьхьанца дуьйна къобалбеш бу оцу декъехь болх. Цул сов, Ӏилманан а, технически а агӀо бух болуш и болх болийна хиларан тоьшалла ду “Нохчийн меттан синтез йен а, къамел девза а система кхоллар” проект Инновацешна накъосталлин фондан “Старт” программин толамхошна йукъахь хилар. “Вайх хӀора а къамел дан а, цунах кхета хууш ву, цундела адаман меттанийн системаш кхиаро лерина хаарш доцуш компьютерца болх бан аьтто бийр бу нехан, телефонех, оцу тайпа кхечу гӀирсех а пайда а оьцуш”, – дуьйцу…