• Керланаш

    Нохчийн меттан тезаурусна тӀехь болх

    2-чу нойабрехь пайде семиотикин отделан, меттан а, литературин а отделан цхьаьнатоьхна семинар дӀайаьхьира. Доклад йеш пайде семиотикин отделан лакхара Ӏилманан белхахо Асхабов Хаважий, меттан а, литературин а отделан лахара Ӏилманан белхахо Абдулкадыров Адаммий вара. Церан доклад нохчийн меттан тезаурус йаран, цунах информацин технологийн декъехь пайдаэца гӀирсаш кхолларан хьокъехь йара. Абдулкадыров Адам нохчийн меттан тезаурусна тӀехь болх беш ву, ткъа Асхабов Хаважи цунна хьаьркийн чкъуьйриг (цифровая оболочка) кхуллуш ву. Чкъуьйриган хила йеза цхьацца бешхаллаш билгалйаьхнера Абдулкадыровс.          Семинарехь гайтира Адаман лехамашка хьаьжжина Хаважис йина йолу программа. Иза цкъачунна, коьртачу декъана, Адама тезаурусна тӀехь бен болх цунна мелла а аттачу баккха Ӏалашонца йина йу, амма кхидӀа цу тӀехь бен…

  • Керланаш

    Нохчийн пилгу кхолларехьа болх

    Октябран 12-чохь Ӏилманан семинаран рогӀера кхеташо дӀайаьхьира пайде семиотикин отделехь. Кхеташонехь отделан белхахоша дӀахьуш долу гӀуллакхаш дийцаре дира. Царех цхьаъ дара нохчийн мотт мобиле системашкахь баржаран хаттарш. ТӀаьхьрчу шерашкахь цу новкъахь хьалхара гӀулчаш хаало. Иштта IOS системи чохь кӀиран денош нохчийн маттахь гойтуш нисдан йиш йу. Android системехь нохчийн маттахь йаздеш аьтто кхуллуш белхаш а бина. Масала, Google Play чохь ду Argyn пайдаэцархочо нохчийн «Ӏ» элп юкъа а тухуш, кечдина пилгу. Иштта, М. Бекаевс, И. Хасахановс кечйина SwiftKey пилгунан Beta-верси а. Нохчийн дошамаш чуйехкина программаш а карайо.              Доклад йеш Султанов Зеламха вара. Цунна андроид системина нохчийн меттан пилгу (клавиатура) дар тӀедиллинера. Тахана цо ша цу хьокъехь бина…

  • Керланаш

    РогӀера цхьаьнатоьхна семинар

    ДӀадаханчу цхьаьнакхетарехь шайна тӀе тидам бохуьйтуш докладаш йира семинаран декъахоша. Хьалха доклад йеш пайде семиотикин отделан хьалхара Ӏилманан белхало волу Асхабов Хаважи вара. Цуьнан доклад отделан белхалоша кечйиначу дешнийн гуларан анализах йара. Хаважис и анализ кхочушйан йина программаш гайтира. Хьалхара программо документа чохь йух-йуха далийна долу дешнаш схьа а къестош, уьш масазза далийна ду дагар а деш, и хаамаш кхечу документа чохь билгалбоху. И болх чекхбаьккхинчул тӀаьхьа кхидӀа дешнийн гулар йузуш программа а гайтира Асхабов Хаважис. Цо, тайп-тайпана хьостанашкара тексташкахь дан а долуш, гулар йуккъехь доцу дешнаш схьа а лохуш, уьш цхьана документа чохь гулдо. Цул сов, оцу программо шатайпа анлиз а йо текстан. Нохчийн цӀердешнашна йина анализан жамӀаш довзийтира…

  • Керланаш

    НР ӀА Президиуман кхеташонехь доклад: «Компйутерийн программийн нохчийн локализацин дӀайаьллачу этапехь кхочушдинарш»

    НР ӀА Президиуман рогӀера кхеташо дӀайаьхьира 2016.03.24. Кхечаьрца цхьаьна кхеташонехь нохчийн локализаци дӀайахьаран таханлерачу хьолах дийцира. Цу декъехь кхочушдиначух доклад йеш пайде семиотикин отделан куьйгалхочо  Умархаджийев Салаудис. Доклад йеш, цо дийцира отделехь биначу тайп-тайпана белхех.   Нохчийн меттан дошамаш терахьашца йешалун электронан форматашкахь кечйар. Компйутерийн программийн локализаци  нохчийн меттан дошамийн буха тӀехь бен дӀайахьа йиш йац. Пайде семиотикин отделан белхалоша кхочушдечу гӀуллакхех цхьаъ ду нохчийн  меттан дошамаш терахьийн форматехь кечйар, иштта информацин технологийн декъехь оьшуш йолу керла дошамаш кхоллар. Таханлерачу  дийнахь тайп-тайпана шордарашкахь терахьийн форматехь кечйина хӀокху дошамийн файлаш:   Мациев А.Г. Нохчийн-оьрсийн словарь. – М.: ГИИНС., 1961. Карасаев А.Т. , Мациев А.Г. Оьрсийн-нохчийн словарь.– М.: Русский язык, 1978. Умархаджиев С.М., Ахматукаев…

  • Керланаш

    ТӀейогӀучу ханна декхарш

    Йанварь беттан 28-чу дийнахь пайде семиотикин отделехь рогӀера семинар дӀайахара. НР ӀА нохчийн орфографин хьокъехь бина сацамца доьзна хьалха лаьтта декхарш дара дийцаре деш. Нохчийн орфографин цхьайолу керла бакъонаш Академино къобалйеш тӀеэцаро орфографица доьзна цхьацца хаттарш бахьанехь кхидӀа дӀабахьа йиш йоцуш сецна лаьтта болх чекхбаккха таро ло. Уггар хьалха чекхабаха безачу белхашна йукъахь билгалдаьккхира:   тӀеэцна болу хийцамашца А.Г. Мацийевн дошаман электронан верси кечйар; Электронни дошаман тӀехь болу болх чекхбаккхар; орфографи толлу Hunspell програмина дошаман файл кечйар.

  • Керланаш

    Нохчийн орфографи тоярехьа мехала гӀулч

    НР ӀА Президиуман рогӀера кхеташо дӀайахара 2016 шеран йанваран 26-чохь. Кхеташонехь кхечаьрца цхьаьна дийцаре дира нохчийн меттан нийсайаздар къепе далоран гӀуллакх а. Нохчийн орфографи тойаран гӀуллакх нохчийн меттаӀилманчаша дуьйцу масех шо ду. Оцу йукъана цара талламан белхаш бина, керла бакъонаш йукъайахар мел оьшу а, церан Ӏилманехьа долу баххаш а толлуш, керла бакъонаш тӀеэцарехь мелла а атта, лазаме доцу некъаш лоьхуш. Цу хьокъехь цара конференцешкахь докладаш йина, Ӏилманан статйаш зорбане йаьхна. Цара нисйина бакъонаш хӀинца а йукъара бакъонаш санна тӀелаьцна йац, амма нохчийн маттаца болх бечу специалисташа, массара а бохург санна, и бакъонаш къепе йалоран болх ма-хуьллу сиха чекхбаккхар а, цул тӀаьхьа уьш массарна тӀе а йохкуш, йукъара норманаш санна тӀеэцар…

  • Керланаш

    Пайде семиотикин отделехь Керла Шо

    ДӀадоьдучу шеран тӀаьххьара де пайде семиотикин белхалоша жима той дарца билгалдаьккхира. Кхечу отделийн белхалой а кхайкхира чу. Цхьаьнакхетар самукъане, вовшех марзо оьцуш дӀадахара. Беламе а, хьехаме а къамелаш деш, бегаш беш, ловзарш дӀахьуш, баккхийх болчеран хиллачух дийцаршка ладоьгӀуш дӀаяхара суьйре. Цхьаьнакхетар дерзош, Керлачу шарца массо а декъалвеш, тӀедогӀучу шарахь могушалла, ирс, хьекъал, собар, белхан кхиамаш хирг хиларе дегайовхонца а дистхилира отделан куьйгалхо Умархаджиев Салауди а, Академин президентан гӀоьнча йолу Оккаева Зарган а.

  • Керланаш

    Грантана заявка къобалйина хиларх хаам кхаьчна

    ХIокху деношкахь хаам кхаьчна физикин-математикин Iилманийн кандидат волу Умархаджиев Салаудин Россин фундаментальни талламийн фонде чуелла йолу проект кхиамца чекхъяьлла хиларх. Чуелла йолу проект Лебеган шорйинчу шортенийн интегралийн операторийн талламна лерина ю. Проектан куьйгалхо НР Iилманийн Академин пайде семиотикин отделан заведующи, физикин-математикин Iилманийн кандидат Умархахаджиев С.М. ву. Экспертийн сацамехь билгалдаьккхина ду проектан куьйгалхочун оцу темица боьзна чIогIа маьIна долуш кхиамаш хилар. Ткъа тема теорехь чIогIа хьашт долуш ю. 1992 шарахь Европера шина математика Тадеуш Иванеца, Карл Сбордона функцин шортенийн керла тайпа юкъадаьккхина. Церан Лебеган гранд-шортенаш аьлла цIе дIаяхна. Оцу шортешца йоьзна йолу гармонике анализ тIаьхьарчу шерашкахь жигара кхуьуш йогIуш ю. ХIинца а, тайп-тайпана юххедилларшна тIехула, дуккха а Iилманчаша тIе лерина тидам…

  • Керланаш

    Нохчийн орфографин проблемашна лерина Iилманан семинар

    Нохчийн Республикин Iилманийн Академехь дIахьош йолу компьютерийн программийн нохчийн локализаци кхин дIаяхийта йиш йолуш яц, нохчийн орфографин а, грамматикин цхьадолу хаттарш къаста ца дича. И хаттарш тIаьхьарчу хенахь меттаIилманчаша, яздархоша, журналисташа НР IА семинарашкахь а, нохчийн мотт кхидIа кхиоран, исбаьхьаллин литературин а, нохчийн маттахь йолу кхечу зорбанан изданийн а мах хадоран Экспертийн Советан цхьаьнакхетаршкахь а дийцаре дина дара. Амма цкъачунна кхоччуш жоьпаш карийна дац. НР IА пайде семиотикин отделехь нохчийн меттан дешнийн гулар вовшахтухуш ю. И гулар компьютер тIехь нохчийн меттан орфографи толлу программа ян оьшуш ю. Оцу отделера белхалойн и болх цкъачунна сацо безна, хIунда аьлча, дешнаш шайн кепашца хуьйцу программа ян кхоччуш нисйина орфографин бакъонаш оьшу, амма нохчийн…

  • Керланаш

    Кхаарин дийнахь 2014 шеран ноябран 26-хь дIаяьхьира пайде семиотикин отделан рогIера Iилманан семинар

    Кхаарин дийнахь 2014 шеран ноябран 26-хь дIаяьхьира пайде семиотикин отделан рогIера Iилманан семинар. Иза Ubuntu ОС нохчийн матте йоккхуш кхоллалучу хаттаршна лерина яра. Гочъян езаш йолу .ро файлаш отделан белхалошна юкъахь екъна ю. Оцу файлийн локализацин яр Poedit программи чохь дIахьо. Poedit – иза .ро файлийн редактор ю, цу чохь Ubuntu системин программийн юьхьанцара текст ингалс маттахь ялийна ю. Оцу программех информацига хьажа йиш ю хIокху адресца: http://poedit.net. Программи чохь цхьацца могIа гочбо, могIанаш номераш хIиттийна ду, цхьана бIогIамалга чохь ингалс маттахь текст ю, ткъа вукху бIогIамалга чохь хIора могIа нохчийн матте баьккхина бу. Нагахь гочдеш цхьацца хаттарш кхолладеллехь я къасто дезаш хIума диснехь, и могIа можа басаца схьакъасто йиш ю,…