Керланаш

Нохчийн пилгу кхолларехьа болх

Октябран 12-чохь Ӏилманан семинаран рогӀера кхеташо дӀайаьхьира пайде семиотикин отделехь. Кхеташонехь отделан белхахоша дӀахьуш долу гӀуллакхаш дийцаре дира. Царех цхьаъ дара нохчийн мотт мобиле системашкахь баржаран хаттарш. ТӀаьхьрчу шерашкахь цу новкъахь хьалхара гӀулчаш хаало. Иштта IOS системи чохь кӀиран денош нохчийн маттахь гойтуш нисдан йиш йу. Android системехь нохчийн маттахь йаздеш аьтто кхуллуш белхаш а бина. Масала, Google Play чохь ду Argyn пайдаэцархочо нохчийн «Ӏ» элп юкъа а тухуш, кечдина пилгу. Иштта, М. Бекаевс, И. Хасахановс кечйина SwiftKey пилгунан Beta-верси а. Нохчийн дошамаш чуйехкина программаш а карайо.

            

Доклад йеш Султанов Зеламха вара. Цунна андроид системина нохчийн меттан пилгу (клавиатура) дар тӀедиллинера. Тахана цо ша цу хьокъехь бина болх бовзийтира. Пилгу даран коьрта Ӏалашо нохчийн маттахь йаздеш волчунна оьрсийн йа кхечу маттахь санна аьттонаш кхоллар ду. Цундела цу хьокъехь коьрта декхарш нохчийн «Ӏ» элп тӀетохаррий, нийсайаздар толлу дошам чуйилларий ду. Цул сов, массо а лело Ӏемина оьрсийн пилгу тӀехь ма-хуьллу кӀезиг хийцамаш бан хьаьжна ша, бохуш дуьйцу Зеламхас. Кхоллархочо дийцарехь, пилгу тӀехь кхин а гӀеххьа болх бу бан безаш: дизайна тӀехь, пайдаэцархоша дукха леладо дешнаш а, церан кепаш а йукъадохуьйтуш кечйан йеза дошамна тӀехь а, тайп-тайпана параметраш нисйарехь а. Амма йуьхь дикачу тӀахьалоне дог доуьйтуш хилар билгалдаьккхира отделан куьйгалхочо Умархаджиев Салаудис.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *