Керланаш

AZBAT – нохчийн меттан аьзнийн технически алфавит

Нохчийн мотт компьютерийн технологешка буьллуш йуьхьанца дуьйна къасто дезачу хаттарех цхьаъ дара нохчийн маттахь йоза компьютере дешалур долуш цхьа некъ билгалбаккхар. И проблема къаьсттана кхочуш ца йича ца йолуш йара нохчийн меттан синтезан хьокъехь болх дӀаболийча. Оцу декъахь бечу белхан куьйгалла деш йолчу Израилова Элисас цу тӀера дӀаболийра шен талламаш.

Уггар хьалха кхочушдан дезарг – иза нохчийн массо а аз компьютеро муьлххачу а хьолехь нийса дӀадоьшур долчу латинийн хьаьркашца билгалдоккхуш система хӀоттор дара. Йуьхьанца атта хеташ делахь а, хила ма-йезза система хӀотто воьлча, чолхе гӀуллакх ду иза. Оцу чолхенан коьрта бахьана нохчийн маттахь аьзнаш шорта хиларца доьзна ду, латиницин хьаьркаш кӀезиг а йолуш. Коьмпьютеро дешалур долу йоза кхуллуш могӀанна тӀехь йа бухахь хуьлучу хьаркех пайдаэца йиш йац, масала элппашна тӀоьхулара тӀадамех йа сизанех, йа тайп-тайпана «чӀагарех». Цундела хьаьркийн цхьаьнакхетарех пайдаэца дезаш хуьлу. Амма и цхьаьнакхетарш билгалйохуш, вуьшта оцу шина хьаркано ша-шаьш йолуш билгалден аьзнаш нохчийн маттахь йух-йуххехь нисдала тарло йа ца тарло хаа дезаш хуьлу, оцу хӀумнех ларвала везаш а хуьлу. Масала «tt» цхьаьнакхетаро [тӀ] аз билгалдо, аьлла сацам хилча, «атта», «латта» дешнаш дӀайаздарехь галморзахаллаш нислур йу. оцу тайпа меттигаш дукха нисло. Амма и дерриг а талла а толлуш, нисдеш вайн маттана иштта система хӀоттийна Элисас. Ша хӀоттийначу къепенна AZBAT аьлла цӀе тиллина цо. Оцу «аьзнийн абатах» пайда а оьцуш, вайн кхидӀа аьттто хир бу муьлхха а компьютерийн системашка гӀалат доцуш йешалур йолчу кепехь нохчийн тексташ латиницин тӀе йаха.

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *